Зама, хи санна, шен йорт эцна дIайоьдуш ю, олуш хезна суна бак- кхийчаьргара. Зама хийцаелла йогIу аьллачарна дуьхьал олуш а хезна, зама- м ша ма-ярра лаьтташ яра, хийцалуш дерш адамаш ду-кх, церан амалш а ю-кха заманан мох дIасахьаькхначу агIор йоьрзушъерш, церан, наггахь шайтIа тоьлча, даг тIе юссуш йолу куралла ю-кха… Суо хIума хуург хилчахьана есачу кураллех кхийрина ву со, Зайнди!
ЧIогIа ца магадора суна иза сайн денвашас Эдала. ХIетте а, жималлехь аьрха а, харцхьара а, нийсархошлахь, дош даше далале, гIуллакх Iоттабаккхаме дерзош вара олий, цхьа цIе а ю суна тIаьхьара ца йолуш, соьцаний къаналле гIерташ. Айса цу хенахь лелийнарг суна тоххарехь дицделлехь а, дика ойла йича, цхьа а къинтIераваккха оьшуш хIума ца хиллийла хаьа суна, са духа а хьаькхна, дIа юхахаьжча, хIунда аьлча, сан нийсархойн даг тIехь цхьана а тайпа мекха ца йиснийла сайна хаарна. Хьоьга кехат яздар а ду оцу тайпана, цхьа даг тIе йисина мекха дIа- яккхархьама деш гIуллакх, доггIуча аьлча, хьан цхьа накъостий, со Iад мел Iийн, эвхьаза Iиттарш ян буьйлабарна хьох дагавалар лара а мегар ду хIара къамел …
Хьайн дахар ца кхоош, вайн халкъан синхьашташна ваьцначех цхьаъ ву хьо, Зайнди. Дуьнен тIехь атта ваха лиънехь, доьзална хьалха юьхькIам хуьлу некъаш а карор дара хьуна, лакхара алапа а долуш, даржаш а карор дара наханачул атта. Дерриге а хир дара, амма махкана вевзаш волу Зайнди- м хир вацара… Айса хIинца дийца гIертарг хьуна ларамаза тIехтохаме къамел хетада- ларх кхоьруш ву со, Зайнди. Дела ву-кха теш, хьоьга хIара къамел барта дан ойла хилла вара со.
ДIадахначу шеран ноябрь баттахь Заурбекова Асяс нохчийн а, оьрсийн а маттахь арахецначу туьйранийн киншкин Президен- тан лицейхь хиллачу презентацехь цкъа дIа а ма къадийра хьуна аса сайна Iаьткъинарг, делахь а хьо генна некъ эцна цIа ваха везаш хиларна, хьан хан ца яйархьама, чекх ца даьккхира… Вайн къам Сибрехара духадирзича, Эльмурзаев Сираждица цхьаьна ахьа зорбанехь арахецна «Нохчийн иллеш, эшарш» (I959) цIе йолчу киншко, жимма тIаьхьо Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаша» санна, дуьнен тIехь цхьана а халкъе лалур юй-те аьлла, гIело лайначу нохчийн халкъан дог-ойла гIаьттинийла хаьа суна. И фольклоран том сайн библиотекехь чIогIа лар а йо аса, еза а, мехала а хеташ. Киншка хIоттийнарш билгалбохучохь – хьан цIе хьалха ю, тIаккха йогIуш Эльмурзаев Сираждин цIе ю. Хьалхара цIе яьккхинарг – дукхох къахьегнарг лоруш ву Iилманехь. Иза къийса оьшуш хIума дац. 2007-чу шарахь вайн республикин «Книжное издательство» цIе йол- Джамалханов Зайндига – схьадиллина кехатчу пачхьалкхан унитарни предприятис зорбанехь арахецначу цхьана кинш- кин мужалт тIехь авторийн цIераш тухучохь хьан цIе гича, Зайндина а хууш дина хIума-м дац хьуна хIара гIуллакх аьлла, ойла хилира сан.
Ас юьйцург «Туьйранаш, шира дийцарш, кицанаш, хIетал-металш» цIе йолу киншка ю (Грозный: ГУП Книжное издательство», 2007. – 768 с.). Шеко йоцуш, издательствон белхахоша, гIиллакхна аьлла, хьан цIе хьалха а йиллина, шайн цхьа Iалашо кхочушйина. Иза иштта ца хиллехь, «Даймохк» газето а, «Орга» журнало а баьккхинчу бехкана кIел а севцина, нахана тIе… пIелгаш а ца хьежош, яьлла ледарло тIелоцур яра цара. Амма шайн бехкана къера цахилар гуш ду Уциев Абун «И яра сан жима хан» цIе йолчу киншки тIера араяьлла статья ешча (200 агIо). Вон дина иза алар – хIумма а ца алар ду, хиллачун хадо ма-беззара мах хадийча, хьоьца дагабевлла иза динехь а, ца динехь а. Прецедент ю кхузахь кхераме. ХIара санна долчу хIуманна юкъахь йок- кхуш товш яцара хьан цIе, Зайнди. Хилларг хIун ду хаьий хьуна? И киншка зорбанера араяьлла ши шо гергга зама ю, хIетте а, иза кара мел эцначо, ой, Джамалханов Зайнди нохчийн халкъан барта кхоллараллина да ваьллийца… олу-кх, кхиберш тергал а ца беш.
Хьуна ма хаьий, Зайнди, барта произведе- неш – халкъан хазна юйла! Цундела фольклоран мужалт тIе автор хIуттуш фамили язъяр мегар цахилар, дух-духа дийца ца оьшуш, массарна а девзарг ду, цхьанна тIе цхьаъ тоьхча шиъ хилар санна. Доцца аьлча, халкъан хIуманна тIекхийда цхьаннан а бакъо яц. Цу тIехула тIе, Зайнди, хьан цIе «берамала» а хьекхош, динарг оьзда хIума дац. Кхин цхьа хIума а къайле хилла дисна. Оцу гулара юкъара халкъан туьй- ранаш дуьххьара арадевлла I964 шарахь Эльмурзаев Сираждис хIоттийначу «Нохчийн фольклор» тIехь. Амма Эльмурзаев Сиражди хьахо дицделла шуна – хьуна а, Уциев Абуна а – стенна делахь а. Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархошна шайна юкъахь Iедал харжа а, хIотто а бакъо караеъна зама яра, Зайнди, хьо уггар хьалха дага а веъна, хьуначул хьалха цхьанна а ян а ца йогIу аьлла, хьуна «ЧИГУ-н сийлахь профессоран» диплом делла. И гIуллакх дIадолийнарг а, «Дворец пионеров» цIе йолчу цIа чохь хьан юбилей йолуш, хьуна, куьг а лоцуш, и диплом дIаделларг а цу хенахь университетан дешаран декъан проректор хилла волу Овхадов Муса вара. Хьо цу хенахь хIинца сан йолчу хене вахна бен вацара, Зайнди.
Делахь а, цIе йолуш вара хьо, нохчийн меттан доладархо вара ала йиш а йолуш. Къаьсттина нохчийн меттан а, литературин а Iилман- чашна диц ца деллера хьо пхийттара ваьлчхьана 30-гIа шерашкахь вайн къо- ман Iилманна гIо дан Москвара веана волчу Н.Ф. Яковлевна юххе вийлийна хилар. ЦIеяххана волчу профессоран ассистент хила хьо хакъ ца хиллехь, хьоьга цунна накъосталла а далур дацара, нохчийн мотт хууш воццушехь, вайн мотт Iилманца талла араваьллачу Iилманчин информатор хила а лур вацара. Оцу юьйцучу киншки тIехь хьо университетан профессор ву алар а, хьо а, хьан цIе а забаре яккхар санна хIума хета суна а, университетехь болх бечу сан накъосташна а.
«Хьашт доцург ма дийца, университето ас хьегначу къинан хадийна мах бу иза, соьца бина лерам бу, Iилманан докторна ВАК-о луш йолу профессоран цIе яц суна елларг, тIаккха кхечара, сан цIарна юххе- хь шайн цIе яккхархьама, Зайнди нохчийн меттан да ву бохуш, еса эпитеташ киншки тIе еттар а хаза хIума дац. ЮьхьIаьржа хIоттарал совнах, суна цу Орга - 2009 (1) Нохчийн Республикин арахьарчу зIенийн, къаьмнийн политикин, зорбанан а, хаамийн а министерствон Пачхьалкхан учреждени «Литературно-исбаьхьаллин журнал «Орга». Арадолу нохчийн маттахь. Журналана регистраци йина 2008-чу шеран 28-чу октябрехь Федеральни службин Нох- чийн Республикехула йолчу зIенан а, шуьйрачу коммуникацийн а декъехь тергояран Ур- халлехь. Регистрацин хьокъехь тоьшалла ПИ № ТУ 20-00020. Журнал зорбатоьхна «Грозненский рабочий» цIе йолчу Пачхьалкхан унитарни предприятехь. 364021 НР, Соьлжа-ГIала, Интернациональни урам 12/35 Тираж – 2500 экземпляр. Заказ № ____ Бинна мах къамелех хуьлуш там а бац!», – аьлла, и нах ахьа, тахана-кхана зорбане а ваьлла, совцабо хьуна бохуш, Iаш дукха нах бу.
ДIадаханчу бIешеран 80–90 шерашкахь чIагаре йина хийцалуш схьаде- аначу «Iедалшка» шен еза-йоккхачу цIарах дезар а ца дойтуш, чекхвелира Айдамиров Абузар… Хьуна а, вайна массарна а масал ду иза, Зайнди! Ахьа 80 шарахь ларош схьаеана хьан цIе лекха-лакхенера уозийна когаш кIела яло гIертачеран гIуллакх хир доцийла хуушшехь, иштта дIа сагатдеш, яздо- кха аса хьоьга хIара кехат. Цхьаболчу наха шаьш лелош долчу Iилманца ца догIучу гIуллакхашна хьан цIарах шайна чIагIо а, гIортор ян гIертар ба- хьана долуш. Дала могашалла латтайойла, Зайнди, дуьнен тIехь йоккхучу заманахь! Ирс-аьтто а хуьлда!
Джамбеков ШаIрани, НПУ литературин а, фольклоран а кафедрин куьйгалхо Доцент. Филологин Iилманийн кандидат.
Орга - 2009 (1)
|