|
 |
Каталог статей |
 |
Всего материалов в каталоге: 5 Показано материалов: 1-5 |
|
Зама, хи санна, шен йорт эцна дIайоьдуш ю, олуш хезна суна бак- кхийчаьргара. Зама хийцаелла йогIу аьллачарна дуьхьал олуш а хезна, зама- м ша ма-ярра лаьтташ яра, хийцалуш дерш адамаш ду-кх, церан амалш а ю-кха заманан мох дIасахьаькхначу агIор йоьрзушъерш, церан, наггахь шайтIа тоьлча, даг тIе юссуш йолу куралла ю-кха… Суо хIума хуург хилчахьана есачу кураллех кхийрина ву со, Зайнди!
Статьи |
Просмотров: 3603 |
Добавил: orga95 |
Дата: 15.08.2010
|
|
Дуккха а шераш ду Дадашев Iабдулла литературехь болх беш волу 1960 –1980-чу шерашкахь иттех книга язйина цо. 2008-гIа шо чекхдолуш Соьлжа-ГIаларчу книжни издательство арахецна цуьнан «Цакагбелларш» роман. Иза цо тIаьхьарчу шерашкахь язъечу трилогин хьалхара книга ю. Романехь яздархочо 1944–1957-чу шерашкахьлера хиламаш бу буьйцуш: нохчий махках бахар, Казахстанехь а, ГIиргIазехь а церан хилла Iер-дахар, Даймахке юха- берза паргIато ялар. |
Вевзашволу нохчийн поэт, драматург, иллиалархо Алиев ГIапур вина 60 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-гIалин коьрта библиотекехь. Цуьнан поэзиезархой бара цигахь гулбелларш. Библиотекин куьйгалхочо Исраилова Сацитас дика кечамбинера и суьйре дIаяхьарна. |
Нохчийн литература езачарна дика евзаш ю гIараваьллачу поэтан, прозаикан, драматурган Мамакаев Iаьрбин цIе. Шовзткъе итт шо хьалха кхелхира поэт, дан лерина дуккха а гIуллак- хаш а дуьсуш. Шен дахаран шовзткъа шарах ялхитта шо буьрсачу Сибре- хахь даьккхина цо. Юбилейна лерина Москвахь яздархочун шиъ гулар араяьлла, нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Уьш арахоьцуш доккха дакъалаьцна вевзаш волчу литератора Мусаев Iалавдис а, цуьнан накъосташа а.
Поэзия |
Просмотров: 2361 |
Добавил: orga95 |
Дата: 15.08.2010
|
|
Малцагна шен мостагIаша кха буссехь аьхна го. «Аш ялта гурахь чудерзадахь, со сайн нанас дена Мовлина йина йоI ю-кх шуна», – хабар дохьуьйту Малцага. Ялта кхачдала долало. Ялтин кан шуьрех боьлча, йочане хан а ларйой, Мал- цаг буса кIа хьакха воьду, цхьаьна накъост а воцуш. ХIара валале сахуьлу. Орца долу. Юрт гIотту. Виэ бохуш, мохь а хеза. ХIара чохь зударий, бераш бен, кхин боьрша стаг ца висначу гIаличу оьккху, чухулара гIуй дIа а буллуш.
Проза |
Просмотров: 2399 |
Добавил: orga95 |
Дата: 15.08.2010
|
|
|
 |
Copyright MyCorp © 2023 |
 |
|
 |
Статистика |
 |
|
Онлайн всего: 1 Гостей: 1 Пользователей: 0 |
 |
|