Вторник, 23.04.2024, 23:16

Главная
· RSS
Поиск
Меню сайта
В мире
Категории раздела
Жизнь культуры [1]
Партнеры сайта
  • ИА "Чеченинфо"
  • Журнал "Нана"
  • "Журнал "Вайнах"
  • ИА "Грозный-информ"
  • ИА "Чечня сегодня"
  • Журнал "Стела1ад"
  • "Вести Республики"
  • Рекламный блок
    Рекомендация
    Переводчик
    Наш опрос
    Оцените мой сайт
    Всего ответов: 78
     Каталог статей
    Главная » Статьи » Жизнь культуры » Жизнь культуры

    Хь. Бурчаев. Поэтан, драматурган юбилей
     
    Вевзашволу нохчийн поэт, драматург, иллиалархо Алиев ГIапур вина 60 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-гIалин коьрта  библиотекехь. Цуьнан поэзиезархой бара цигахь гулбелларш. Библиотекин куьйгалхочо Исраилова Сацитас дика кечамбинера и суьйре дIаяхьарна. Цига баьхкинчу хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Рамзанан хьехамча Керимов Iаьлви, философин Iилманийн доктор, НПУ-н хьехархо Акаев ВахIид, Россин Федерацин халкъан ар- тист Багалова Зулай, яздархой Ахмадов Муса, Юсупов Iусман, Ибрагимов Лоьма, Исмаилов Абу, Цуруев Шарип, Талхигова Роза, Кадыров Ахьмад- Хьаьжин музейн директоран заместитель Абубакарова Шайман, кхиберш а.
     
    Алиев ГIапуран поэзин хьакъболу мах хадош, къамелаш дира гулбеллачара. Акаев ВахIида элира: «Нохчийн таханлерачу поэзехь Алиев ГIапу- ран кхолларалла хьалхарчу могIарехь ю, шен башхалла йолуш, кIорггера маьIна долуш а иза хиларна». Иштта дан а ду и: ГIапуран дешнаш тIехь даьхна дукха иллеш ду вайн илланчаша а, йишлакхархоша а локхуш а, олуш а. Царна юкъахь ю гIараяьлла «Къонахийн зама» цIе йолу Ахмадова Аминас локхург а. Бакъду, дешнийн автор Алиев ГIапур вуй хуурш кIеззиг бен бац.
     
    «ГIапур нохчийн литературе цхьа цIеххьана веара, – дуьйцура Цуруев Шарипа, – цо шен поэзи ешархойн кхиэле ца юьллуш дикка хан ялийтира, ГIапура ша ма-боххура, кхачам болуш поэзи и хилла яллалц. Цундела ю цуьнан стихотворенеш, ерриге а ала мегар долуш, дика а, ешархошна езаш а». Ибрагимов Лоьмас лаккхара мах хадийра ГIапуран сонетийн. «Нохчийн литературехь уггар а тIаьхьайисинчу жанрех цхьаъ йолу сонетийн жанр дIайолийначех хилла ца Iаш, и дIахIоттийнарг а ву ГIапур», – элира Лоьмас.
     
    Нохчийн халкъан яздархочо Ахмадов Мусас дийцира ша ГIапурца цхьаьна вайн театрехь бинчу балхах. ГIапура язйинчу «Да воцу доьзал», «Гезарий», «Жуккарш» пьесех дика дош элира Мусас. Массеран къамелаш даггара хилар гуш дара, кхузахь гулбелларш берриге а литературин мах хадо хууш, цуьнан чам бевзаш хиларна. Оцу цхьаьнакхетараллехь дуккха а дийцира Алиев ГIапуран кхоллараллех, оцу башхачу адаман оьздачу гIил- лакхех. Исраилова Сацитас а, Талхигова Розас а чIогIа говза йийшира Алиев ГIапуран стихаш. Республикехь гIараевлла евзаш йолчу «Илли» а, «Нохчо» а тобанийн илланчаша ГIапуран дешнаш тIехь даьхна иллеш олуш массеран а чIогIа самукъаделира. ГIапура олуш бен хIинццалц хезна да- цара уьш. Алиев ГIапуран 60 шо кхачарна лерина вовшахтоьхна дIаяьхьна и суьйре ГIапуран а, дакъа мел лаьцначун а хилла дIаяхара.
     
    Бурчаев Хьаьлим. Орга - 2009 (1)
     
    Категория: Жизнь культуры | Добавил: orga95 (15.08.2010)
    Просмотров: 2331 | Рейтинг: 0.0/0
    Всего комментариев: 0
    Имя *:
    Email *:
    Код *:
    Copyright MyCorp © 2024
    Форма входа
    Статистика

    Онлайн всего: 1
    Гостей: 1
    Пользователей: 0
    Пользователи
    Всего пользователей: 17.
    Сегодня: 0.
    За неделю: 0.
    За месяц: 0.
    Счетчик материалов
    Комментарии: 29
    Фотогаллерея: 101
    Файлы: 6
    Статьи: 5
    Вопрос-ответ: 2
    Гостиная: 10
    Тесты: 11
    В мире
    Новости . Грозный
    Мини-чат
    Создать бесплатный сайт с uCoz
    Яндекс.Метрика