М. Бексултанов. Цхьа некъ - Проза - Литература - Каталог статей - Орга
Суббота, 19.04.2014, 00:42

Главная
· RSS
Поиск
Меню сайта
В мире
Категории раздела
Проза [2]
Поэзия [1]
Драматургия [0]
Переводы [0]
Партнеры сайта
  • ИА "Чеченинфо"
  • Журнал "Нана"
  • "Журнал "Вайнах"
  • ИА "Грозный-информ"
  • ИА "Чечня сегодня"
  • Журнал "Стела1ад"
  • "Вести Республики"
  • Рекламный блок
    Рекомендация
    Переводчик
    Наш опрос
    Оцените мой сайт
    Всего ответов: 52
     Каталог статей
    Главная » Статьи » Литература » Проза

    М. Бексултанов. Цхьа некъ
     
     Пачхьалкхана дIалуш долу даьхни вовшахтуху меттиг – йоккха аре. Гонаха йина гIуркхийн керт. Цу чохь ши-кхо бIе бежана. Царна юкъахь бугIанаш, кегий старгIанаш а. Нах, акхарой я муьлхха а (зIакара, маIаш йолу) даьхни вовшахк- хеттачохь цхьаъ къаьста, да хIуттуш – иштта ду дахаран гIиллакх, садолу хIума кхоьлличхьана. И гIиллакхаш кхузахь а хуьлу, бежанаш долчу кертахь. Цхьа бугIа къаьста хIу тоьллачарах, кхара кIега санна, цIен бос а уьдуш, овкъаран басахь ши маIа а. БугIа йоккха хуьлу, ерстина, арц санна, лекха белакорта ерриг а ворта йолуш санна. БугIано мохь хьоькху, арабеъна шуьйра мотт а болуш, багах кхозу мазаш а го. Цунна дуьхьал цхьа а ца хIутту, цо массо а эшийна.
     
    Цхьана дийнахь, делкъал тIаьхьуо, цхьа ламанан саргIалг (1) кхуссу даьхни долчу керта. ДегIана хьаьрчано, туьппалг санна, йоца, стомма, кегийра маIаш а гуш, цхьа уранга 2 старгIа, доIах-басахь йолчу цIоканна тIехула можа-мокха сизаш а оьхуш. СаргIалгана мохь хеза, цхьана дуьненан йистера санна. СаргIалг йолалой тIейоьду йоккхачу бугIанна, цочул а дера мохь а бетташ, иштта бага а гIаттайой. СаргIалг тIекхета ма йоггIура. Вукхо цинц а ца боккхуьйту. Кхин а, кхин а чухьоду старгIа. ХIоразза а юхакхуссу. Цу шинна гонаха бежана ца соцу. Ерриг а меттиг еса хуьлу. БугIий, саргIалггий ген-геннахь соцу. БугIа наггахь яжа кхевда. СаргIалго бугIа ларйо, цкъа а букъ а ца берзош. Малх охьахууш бугIано ша йолччохь мохь туху. ДIора саргIалг тIейолало. Кхин а, кхин а чуччайоду. Юха а иштта дIасайолу (цхьаъ вукхул ца тулуш), ген- генахь саца.
     
    Шина дийнахь дахло дов, бугIа мохь хьакха хIуттушехь, саргIалг цунна тIе а уьдуш. Ша мохь а хьаькхна, юха саргIалг гучуяьлча, бугIа гуттар а карзахъюьйлу, ша лаьттачохь кхийса а луш, корта дIаса а лестош, батт лаьттаца охьа нис а йой. БугIане ца лало саргIалго шен хьийзор, мохь бетта цайитар, шен ца болу толам а. КхоалгIачу Iуьйранна (мохь беттар дикка лагIделча) бугIано, йицъелча санна, цхьа инзара мохь туху. СаргIалг гучуоьккху, бугIанца дукха тийсаяларна йора дирзинчу боларца. БугIа кхоссало цхьана меттехь, бугIано корта лестабо, бугIа гIуьрашка йоьду. БугIа цкъа яда тохало, пен а берзош. ТIаккха цIеххьана дуьхьал хIутту, тап-аьл ла дIатерца, беа ког дIа а гIортабой, корта лаьтта а лахбеш. ТIехьаьдда йолу саргIалг, жIаьла санна, дIа чIинчIура хуу тIехьарчу когаш тIе, бердах кхетта тIулг санна, генна юха а кхуссуш. БугIа хьоьжу, тIекхета а дагахь. СаргIалг чукхоссало, шена хиллачо дарйина, цхьа а сацар а доцуш.
     
    БугIано, пел а оьккхий (кур каррах ца кхетийта), саргIалган чукIело шен маIашца нислушшехь, корта цIеххьана хьалатохарца (цхьа маIа чуьйрех чу а йоьдуш) саргIалг генна ирххьо, букътIехьашха лаьттах тухуш. Юха саргIалг кога гIаттале куьраца дIа ведйо, шен дегIан ерриг а йозалла маIашна тIе а йохуьйтуш. ТIаккха дIасакхуьйсу цхьацца маIаца, хIоразза а дил ха а этIош. Юха мохь хьоькху, буточу когийн кегийчу бергашца кIоргга латта а охкуш. Етт а, шинара а ца дуьту, тIе а уьдуш, кур бетташ, раз-пурх кхийсалуш, хьожа яхарца батт ийзош. СаргIалг-цуьрг яьржина Iуьллу, дIакхоьссина бехчалг санна, шена динчу хIилланах цкъа а кхетар а йоцуш. Суна кхин сурт дуьхьал хIуьтту, маццах цкъа хилла долу. Шайн а, нехан а хIума бен а ца лоруш, Iовдал сонталла йолчу Индарбин бе рех (цуьнан исс кIант кхуьу цхьаьний), шаьш вийнарг ца вовзарна (Iелам стаг воь цара), мехкан чIир хьаьрча. Кхелахоша кхаа баттахь (диндай юкъахь а болуш) дов дерзош бина машар кхузткъе берхIитта етт хIутту, цхьана аьттан а да воцчу Индарбис дIабала безаш. БерхIитта аттана дуьхьал Индарбин йоргIа дин боьду – цуьнан берриг а бахам.
     
    Пхиппа аттах пхи кха духку, шиъ (кхелахошна хьасталой) дена тIаьхьа а дуьтуш. ТIаьххьарчу хьаьжкIан цинцах мукадехко до санна, массо а хIумнах цIан- велча а, кхин итт етт буьсу Индарбис такха безаш. Цунна Мовла го цхьана сарахь, генна Iинал дехьахь Iаш волу. Мовлин цхьа а кха ца хуьлу. Иза дохнаца вехаш ву. Цу шиннан барт хуьлу цу бусса, Мовлас итт шарахь шега цхьа кха леладой- тург Индарбина итт етт а луш. Мовла цу Iай хьаьттано хьо, довха денош даьхкича. Зудий, кIант дуьсу тIаь- хьа. КIентан бархI шо бен ца хуьлу. Мовлин зуда Индарбис, готана еъча, эккхайо, ша даьхни воттана (3) далийнера олий. Цо пхи шо а хьехадо. Индарби веллачул тIаьхьа Мовлас даьхни «доьхкина» хуьлу – исс вашас дуьйцу иштта, шайн баа дуй бу а олуш. Наха къера дуй схьа ца оьцу. Юха нийсса итт бIаьсте дIа а яьлла, цхьайтталгIа гота йолаелча, берхIийт- тара ваьлла волу Мовлин воI Малцаг Индарбин доьзал болчу хIутту, я шен итт етт, тIаьхьа итт эса а долуш (зама яларна), цIа берзабе, я ша хIокху кIиран дийнахь йолийна гота итт шарахь дIахьур ю олий.) Малцаг халла кIелхьараволу, вежарша тIера хеча ца йоккхуш – Малцаг цхьалха стаг хуьлу. Iуьйранна нанас (хIетахь а наб кхетаза волу) шен кIант чуьра аракхойкху.
     
     
    Малцагна шен мостагIаша кха буссехь аьхна го. «Аш ялта гурахь чудерзадахь, со сайн нанас дена Мовлина йина йоI ю-кх шуна», – хабар дохьуьйту Малцага. Ялта кхачдала долало. Ялтин кан шуьрех боьлча, йочане хан а ларйой, Мал- цаг буса кIа хьакха воьду, цхьаьна накъост а воцуш. ХIара валале сахуьлу. Орца долу. Юрт гIотту. Виэ бохуш, мохь а хеза. ХIара чохь зударий, бераш бен, кхин боьрша стаг ца висначу гIаличу оьккху, чухулара гIуй дIа а буллуш. Масех стаг, вовшах дихкинчу гIуркхашна тIехула, гIалин буьххье волуш го цунна. Малцаг, тIе зударийн коч а юьйхина (цхьанна тIера схьайоккхий), кIудалца юьхь а лечкъош, гона юкъара кIелхьара волу. Ша Iинал дехьа а ваьлла, дукъах хьалавирзича: «Эхь ду-кх шуна, цу ялтех хьекха а беш, межаргаш ца буун белахь!» – мохь туху цо вукхаьрга. «Маре баха хьан толам, зударийн коч а юьйхина болу», – вуьйш дуьхьал кхойкху. Малцаган коьртах сийна цIе лета. Иза мохь а болуш, вухахьоду (коч боху дош хеза цунна), ша эхь декха тIекхачале, вуьйш баларна кхеравелча санна. Цхьа ши хьоькх тIехьа юьсу, хIара юьртах чувулуш. ГIовтIехь цхьа бер а хаало, карахь тIулг ловзош Iаш. Боьршачу нахах бIаьрг ца кхета. Кхуо мохь туху, цаьрга кхойкхуш. Юрт тийна ю, кешнаш санна.
     
    ТIулгаш го цхьанхьара кхуьйсуш, ген-геннара, хьежош санна. Цхьаъ кхета. Юха кхин цхьаъ а. ТIаккха зударий, бераш. Маьхьарий, къадехар, массара а детта тIулгаш а. Коьртах кхета, белшех, тIаккха шолгIа а – коьртах. Малцаг вужу. Цхьаъ-м ала гIерта. ТIулгашна куьг а лоьцуш, ле. Дуьххьара цкъа яккха дагахь хьалаозийна шаьлта а юьсу, мукъ батта тIера хьалахьаьдда, шина пIелггал а херо а гуш. Цунна ца кхета, ша хIунда ле, шена динарг хIун ду а – доьналлица хIилла ца деха, хIилла кIиллошца хуьлуш ду, меттан шалхо кхача болчу, дахаран – масех некъ а. Малцаган цхьа некъ хуьлу. Цхьана дашо вен а воь. IСаргIалг – дегIана жима, буто, горга старгIа; 2Уранга – таьIна-мокха бос болчу бежанан дахалла охьа хуьлу Iаьржа томма- гIаш; 3Воттана – корта метта а буьсуш, кхаа шарна бIе жий дIабелча, кхо шо тIех- даьлча и бIе жий юхаберзор.
     
    М. Бексултанов
    Категория: Проза | Добавил: orga95 (15.08.2010)
    Просмотров: 654 | Комментарии: 1 | Рейтинг: 0.0/0
    Всего комментариев: 1
    0
    1 itsmeolord   (02.01.2011 22:48)
    Ч1рг1а хаза ненан мот бу

    Имя *:
    Email:
    Код *:
    Copyright MyCorp © 2014
    Форма входа
    Статистика

    Онлайн всего: 0
    Гостей: 0
    Пользователей: 0
    Пользователи
    Всего пользователей: 12.
    Сегодня: 0.
    За неделю: 0.
    За месяц: 0.
    Счетчик материалов
    Комментарии: 18
    Фотогаллерея: 103
    Файлы: 6
    Статьи: 9
    Каталог сайтов: 5
    Гостиная: 3
    Тесты: 11
    В мире
    Новости . Грозный
    Мини-чат
    200
    Создать бесплатный сайт с uCoz
    Яндекс.Метрика