Воскресенье, 18.11.2018, 18:02

Главная
· RSS
Поиск
Меню сайта
В мире
Категории раздела
Статьи [2]
Библиографические материалы [0]
В Вашу библиотеку [1]
Из архивов журнала [0]
Партнеры сайта
  • ИА "Чеченинфо"
  • Журнал "Нана"
  • "Журнал "Вайнах"
  • ИА "Грозный-информ"
  • ИА "Чечня сегодня"
  • Журнал "Стела1ад"
  • "Вести Республики"
  • Рекламный блок
    Рекомендация
    Переводчик
    Наш опрос
    Оцените мой сайт
    Всего ответов: 70
     Каталог статей
    Главная » Статьи » Критика и библиография » В Вашу библиотеку

    Э.Нашхоев. «Цакагбелларш»
     
    Дуккха а шераш ду Дадашев Iабдулла литературехь болх беш волу 1960 –1980-чу шерашкахь иттех книга язйина цо. 2008-гIа шо чекхдолуш Соьлжа-ГIаларчу книжни издательство арахецна цуьнан «Цакагбелларш» роман. Иза цо тIаьхьарчу шерашкахь язъечу трилогин хьалхара книга ю. Романехь яздархочо 1944–1957-чу шерашкахьлера хиламаш бу буьйцуш: нохчий махках бахар, Казахстанехь а, ГIиргIазехь а церан хилла Iер-дахар, Даймахке юха- берза паргIато ялар.
     
    Оцу хиламех яздар цхьана хенахь дихкина дара, амма тIаьхьарчу шерашкахь оцу темина лерина дуккха а произведениш ю вайн яздархоша кхоьл- лина (Хьажа: Айдамиров Абузаран «Кхолламан цхьа де» повесть, Сулаев Мохьмадан «Лаьмнаша ца дицдо» роман, иштта дI.кх.). Дадашев Iабдуллас юха а карладоккху цу буьрсачу шерашкахь хилларг. Шен кхечу книгашкахь санна, билггала хиллачух яздо цо: яздархочун къоналла цига- хь, хийрачу махкахь, дIаяхана ю. Цундела цхьацца хIуманаш автобиографически лара мегар ду. Амма романехь шен кхолламах дийцина ца Iа иза: вайна хьалхахула чекхбовлу дуккха а турпалхой: Садо, Абусолта, Хизар, цуьнан доьзал, Алтына…
     
    Леррина бовзуьйту яздархочо Хизаран кIентийн Шовхалан а, Iумаран а кхолла- маш. ХIора а турпалхочуьнца доьзна ду тайп-тайпана сюжетан сизаш, уьш цхьаь- накхетарца кхоллало халкъан кхолламан юкъара сурт. Дадашев Iабдуллин ерриге кхоллараллехь а хаалуш цхьа хIума ду: иза журна- лист хилар. И бахьана долуш, билггала, ма-хиллара, турпалхой а, церан кхолламаш а бовзуьйту яздархочо. Шен турпалхой тайп-тайпана хьелашкахь гайтина яздархо- чо, церан амалш юьззина гучуяхархьама. Коьрта долчу декъана, дахаран бакъдол- чунах ца волу иза.
     
    Мелла а шайх теша хала долу эпизодаш кIеззиг бен яц романехь (масала, Абусолтас Садо дIаволларх, Iумара лагерехь лелийначарах ерш а). Амма коьртаниг схьа а ца къастош, дерригенах а дийцаро мелла а яхйо роман, турпалхой а сов дукха бу, шайн цIераш яхар бен, амалшца вовшех а ца къаьсташ. Хетарехь, «Цакагбелларш» романан керла книгаш тIаьхьарчу шерашкахьлера халкъан дахарх хир ю. Кхечара язйинарг тидаме а оьцуш, яздархочо исбаьхьаллин агIон тIе тидам сов бахийта беза аьлла хета.
     
    Нашхоев Эмин
    Орга - 2009 (1)
     
    Категория: В Вашу библиотеку | Добавил: orga95 (15.08.2010)
    Просмотров: 1477 | Рейтинг: 3.0/2
    Всего комментариев: 0
    Имя *:
    Email *:
    Код *:
    Copyright MyCorp © 2018
    Форма входа
    Статистика

    Онлайн всего: 1
    Гостей: 1
    Пользователей: 0
    Пользователи
    Всего пользователей: 15.
    Сегодня: 0.
    За неделю: 0.
    За месяц: 0.
    Счетчик материалов
    Комментарии: 23
    Фотогаллерея: 101
    Файлы: 6
    Статьи: 5
    Вопрос-ответ: 2
    Гостиная: 5
    Тесты: 11
    В мире
    Новости . Грозный
    Мини-чат
    Создать бесплатный сайт с uCoz
    Яндекс.Метрика